Iамеркехь зорбане даьхна Лесин валарх лаьцна кехаташ
2015-чу шарахь Лахьан-беттан 5-чу дийнахь Лесин карийнера Вашингтонерчу отелехь ша вехачу чохь. Таллам бича гучудаьлла иза йиттина вийна хилар.
Зорбане даьхначу документашца а догIуш, лечу хенахь иза тIех сов малар мелла а хилла.
Федералан Талламан Бюроно накъосталла а деш, Лесин валар хьокъехь таллам дIабаьхна Вашингтонан полицино а, Колумбия штатан прокуратуро а.
