Оппозиционеран Хазбиевн могушалла галъяларх хаийтина цуьнан адвокато
Герз лелорна а, Iедалан векал сийсазварна а бехкевина, чохь латто ГIалгIайчуьра оппозиционер Хазбиев Мохьмад ара ца валийтина. ДIасавалар а доьхкуш, иза шен цIахь витар доьхуш чуделлачу кехатна дуьхьало йина кхело, хаамбо "Кавказан узел" агенталло.
Хазбиевн могушалла галъяьлла хиларх а, цунна лерина лоьрийн Iуналла оьшуш хиларх а дIахаийтина цуьнан адвокато Ибриева Хедас. Адвокато доьху Хазбиев шен хIусамехь а витина, лоьрашка цуьнан могушаллин таллам байтар.
Хазбиевс ша а дийцина, изоляторехь ша цхьаъ латтош хиларх а, кхечу чохь бахкочаьрца зIе латто шен аьтто цахиларх а.