Нохчийчохь юьртда лаьттинарг кхеле хIоттийна
![Нохчийчохь юьртда лаьттинарг кхеле хIоттийна](https://gdb.rferl.org/B7194EA4-14A8-4219-9B28-5E8D8BC6F1BC_w800_h450.jpg)
ТIехьа-Мартанарчу кхело гIуллакх долийна Катар-Юьртахь юьртда лаьттинчунна дуьхьал. Иза бехкево, шен бакъонна тIех а ваьлла, харц кехаташца тоьшаллаш дарна.
Талламчийн зерашца, шеконашца лаьцначо Катар-Юьртарчу администрацин куьйгаллехь волчу заманчохь, 2013-чу шарахь меттигерчу вахархочунна иза латтан да хилар тIечIагIдеш, харц кехат делла хилла, вахархочун долахь и латта доцийла хуушшехь, дийцина "Нохчийчоь Тахана" агенталле Талламан комитетан векало.
Оцу гIуллакхна гуонах талламаш дIахьош бу.