Нохчийн мухIажир Оьрсийчоьне дIавала кхерам бу Полшас
Белгин дозан тIехь теракт кечдарна бехкевеш, лаьцна хилла Нохчийчуьра 34 шо долу мухIажир Байдуев Азамат Полшерчу депортацин набахтехь латтош ву. 2007-чу шарахь политикан тховкIело еллера цунна Полшехь. Цул тIаьхьа Белге дехьаваьллера иза. "Кавказ.Реалии" портале кIентан нанас Байдуева Маккас дийцарехь, ненан дехарца, Полшехь кхерамзалла кхачо йоллуш цахиларна дIаваханера цуьнан кIант. ХIетахь, нанас бахарехь, Оьрсийчоьнан ницкъаллийн структурийн векалш бу бохурш, нохчийн лоьмарш йолчу машенашкахь мухIажирийн лагерна гонах дIасахехкалора. Читать дальше...