Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Апрель
2018

Новости за 20.04.2018

Бозбунчаллаi лелийна 4 зуда а, 2 стаг а лаьцна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Банкийн картанашца бозбунчаллаш лелийна тоба лаьцна Нохчийчохь. Цунах лаьцна хаам бо Кавказ.Реалии портало. Верриг а лаьцнарг 4 зуда а, ши стаг а ду. Уьш берш чубоьхкина Устрада гIаларчу полицин талламан изоляторна. Цу нахана бехке диллинарг ду, 5 эзар соьмах нах Iеха а беш, банкийн картанаш схьа а доьллуш, церан цIарах кредиташ эцарна. Болчу хаамца, зуламхоша зе дина иттаннаш бахархошна.

Юсупов Iилман. Барам тIе диллина...

Radiomarsho.com 

Iилман Юсупов Барàм тIе диллина, юьртахойн тобано Кешнашка кхачийра кхелхинчун дакъà. Стигалахь мархаша яьккхинчу чопано Iовжийна маьлхан бIаьрг ца лòра бакъà. Iожалло, урд санна, шен дòла даьккхина, Iуьллура гонаха керт йина латта, Шена тIехь баьрзнаша толам а баьккхина, Чевнашка дирзина, ницкъ боцуш гIатта. Ламанан басенан тIехулè дахкарца ДIахьулъеш, йилхира стигалан экъа. Диттийн гIаш шàр а деш гушйоцчу ахкарца, ХIоьттира ира мох карзахе хьиекха. Хьозарчийн аьзнаш а декара къарделла, Шайх хуьлуш шатайпа мукъаме сагIа. Читать дальше...

Юсупов Iилман. Къаналлех лаьцна ойланаш

Radiomarsho.com 

Юсупов Iилман КЪАНАЛЛЕХ ЛАЬЦНА ОЙЛАНАШ Хершнийн бой тосур ю замано хьан юьхь тIе мàса. Къаналлин ун кхетта, херлур бу хьан уьйрийн бIо. Тешаме гIоьнча а хилла хьан лелар ю Iаса. И луьйзуш, бер санна, ког баккха Iемар ву хьо. Маьждигехь хутIба деш ца хаззал гIеллур ду лерса, Мера тIе дазлур ду чекх сагун куьзганийн дукъ. Сиркхонийн йозалло дулур ду хьан дегIан терза, IаддаргIах тарлур бу хено хьан саттийна букъ. Кегийнаш гIертар бу ма-хуьллу хьуна пебетта, КIордийна хиларна ахь шайна хьехамаш бар. Читать дальше...



Юсупов Iилман. Стогаран милт хьалауззушехь...

Radiomarsho.com 

Iилман Юсупов Стогаран милт хьалауззушехь, можачу серлоно чоь серлайоккху, Къорачу татанца стогаран шишанах беттало полланан тIам... Генарчу некъаша сан даг тIе тийсинчу, хьаьхначу кIадонал йоккха ГIайгIа ю тховса а бовзуьйтуш суна шен стимал а къахьбелла чам. Ас цунна лерина леррина ларъеш ю, гIевланга йиллина латтош, Ойланийн хьаьвхенехь меттамотт лаьцначу шийлачу IиндагIийн курс. Генара деанчу кехатан доларчу дешнашца синхаам гIаттош, Сайн деган уггар а къорачу соне ас дIагулбо гIайгIанан кIурз. Читать дальше...

Шела. Хьалха кхузахь нах бара бехаш

Radiomarsho.com 

Массо а маьIIехь юттуш го Шела. Стохка Iедало, доьзалш чуьра ара а бохуш, дIахарцира 100 гергга коьртачу урамера ков-керт. ГIала хазйо, урамаш шордо аьлла, бIешерашкахь лаьттина хIусамаш йохийна. Нахана цIенош делла гIалин йистехь, ткъа мел уьш реза бу хууш дац.

"Исламан пачхьалкхан" агент лаьцна ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

Ницккъаллийн структурийн белхахоша ГIалгIайчохь лаьцна "Исламан пачхьалкх" тобанан могIаршкахь тIом бан нах лоьху агент, хаам бо "Интерфаксо". Цуьнан цIе йоккхуш яц. "Интерфаксан" хьастано чIагIдарехь, и стаг 2015-чу шарахь дуьйна "Исламан пачхьалкх" тобанах дIакхета Шема дIахьажо гIерташ хилла меттигера 26 шо долу яхархо. Кхело и стаг чувоьллина талламан изоляторна. Болчу хаамца, цуьнан ду 29 шо.

"Пираьнко лай дина вайх". ФСБ-н эпсарца къамел

Radiomarsho.com 

Волчек Дмитрий Кинжкашна тIера бевза вайна "кхечарна болх бина" шпионаш, хезна, масала, тахана-кхана лоьцур болчу диссиденташна Iедалх къайлабовла аьтто беш леллачу КГБ-н капитанах Орехов Викторх лаьцна дуьйцуш. Амма шатайпа сурт ду Маршо Радиона хьалха хIоьттинарг: ФСБ-хь болх беш волчу эпсаро лаам къадийна ша оппозиционерашна тIехь терго муха латтайо дийца. Цо дийцарехь, иза кхетта шена кхаьчначу декъах – ша тоталитаран система чIагIъярхо вуйла. Шен бIаьргаш биллина, боху цо, Арент Ханнин "Тоталитаризман орамаш" кинжкано. Читать дальше...



"Пираьнко леш дина вайх". ФСБ-н эпсарца къамел

Radiomarsho.com 

Волчек Дмитрий Кинжкашна тIера бевза вайна "кхечарна болх бина" шпионаш, хезна, масала, тахана-кхана лоьцур болчу диссиденташна Iедалх къайлабовла аьтто беш леллачу КГБ-н капитанах Орехов Викторх лаьцна дуьйцуш. Амма шатайпа сурт ду Маршо Радиона хьалха хIоьттинарг: ФСБ-хь болх беш волчу эпсаро лаам къадийна ша оппозиционерашна тIехь терго муха латтайо дийца. Цо дийцарехь, иза кхетта шена кхаьчначу декъах – ша тоталитаран система чIагIъярхо вуйла. Шен бIаьргаш биллина, боху цо, Арент Ханнин "Тоталитаризман орамаш" кинжкано. Читать дальше...

Мехкадаьтан мехаш дукха бестина лору Трампа

Radiomarsho.com 

Карарчу хенахь дуьненаюкъарчу базаршкахь духкучу мехкадаьттан мехаш бух боцуш бестийна ду аьлла, дIахьедар дина Iамеркан президенто Трамп Доналда. Шен твиттерехь Трампа тидам тIебахийтина, мехкадаьттана къоьлла яцахь а, мехаш халабовлуш хиларна. Мехкадаьттан мехаш тӀеэца йиш йоцуш хьаладбовлуш хиларна Iамеркан президенто бехке йо OPEC (The Organization of the Petroleum Exporting Countries) олу иза духкучу пачхьалкхийн вошахтохаралла.

Кестта колонера араволуш ву криминалан инарла "Ахмед Шалинский"

Radiomarsho.com 

«Росбалто" бинчу хаамца, кху аьхкенан юьххьехь колонера аравала мегаш ву Оьрсийчуьрчу криминалан гонашкахь дош лела стаг Домбаев Ахьмад (Ахмед Шалинский). Цу агенталло дийцарехь, иза уггаре а гIараваьлла "криминалан инарла" ву, Нохчийчохь вина волу. "Росбалтана" хетарехь, ша маьршаваьллачул тIаьхьа цо кхуулур ю, гангстерийн дуьненехь хьалхара позицеш дIалаца ницкъ болу вуно онда клан. Чувоьллина 10 шо доккхуш, Домбаевс гайтира, муьлхха а ницкъ болчу низамехь къу олучу стагаца ша ларалуш волу лидер хилар. Читать дальше...

Эльдерханова Зайнап. Нана а, халкъ а резадинарг...

Radiomarsho.com 

ЭЛЬДЕРХАНОВА ЗАЙНАП Нана а, халкъ а шена резадинарг… Нохчийн къоман гIиллакх-оьздангаллах, нохчийн доьзалах, маттах дехха къамелаш деш Iен аьтто хилира сан Мусаца 2008-чу шеран бIаьста. Нохчийн мотт Iамо безий, ца безий бохучу шеконаша «бӀарзвинчуьнга» бохура Мусас: «Шен дахар ишттачу хаттарна тIекхаьчначо, ша а, шен ворхIе да а нохчий хилар я цахилар къасто дезара. Ваха а хьакъ дац иштта весаниг». Ткъа гIиллакх-оьздангаллах доьзначух элира: "Шуьнехь шиъ велахь, царах цхьаъ воккха хила веза... Читать дальше...

Шайх зулам даьллачу нахе къинтIера бовлар дехна баскийн сепаратисташа

Radiomarsho.com 

ЭТА (баскийн маттахь Euskadi Ta Askatasuna, Баскийн Мохк а, Маршо а) олучу коьртачу декъана баскийн сепаратистийн вовшахкхетаралло официалан кепара къинтIера довлар дехна шаьш Баскийн Мохк маьрша хилийта гIерташ герзаца къийсам дIахьош кхелхинчу нехан герагарчаьрга. "Тхо кхеташ ду, дуккха а шерашкахь герзаца къийсам латтош, оха адамашка бала хьегийтина хиларх… Оха даггах къинтIера довлар доьхка", - аьлла ду ЭТА-н цIарах пIераскан дийнахь арадаьллачу дIахьедарехь.    Дийцарехь, гергарчу хенахь... Читать дальше...

Чеченстат: Болх боцучу нехан терахь 9 % ду Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Кху шеран Зазадоккху-бутт чекхболуш лаьрча, Нохчийчохь балхахь боцучу нехан терахь хилла 56 эзар стаг.   Чеченстатан зорбанан сервисо бинчу хаамца, официалан кепара регистраци йинчу балхахь боцучу нехан терахь 1200 стаг (2,1 %) охьадаьлла 2017-чу шарахь хиллачул а. Бан болх ца карорна пособи оьцуш хилла 41 600 стаг. Чеченстатан хаамца, официалан кепара регистраци йинчу балхахь боцучу нехан тIегIа ду республикехь 9%.

Лавров: Путина а, Трампа а хуьлуьйтур бац шайн пачхьалкхашна юкъахь тIом

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан а, Iамеркан а президенташа Путин Владимира а, Трамп Доналда а тIом хуьлуьйтур бац шайн пачхьалкхашна юкъахь. Цу тайпа дIахьедар дина Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс, РИА Новости агенталлана ша еллачу интервьюхь. "Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь "русофобин компани" дIайолуш ю. Хьалхо "Би-Би-Си-на" еллачу интервьюхь Лавровс дIахьедар динера, Оьрсийчоьнан а, Малхбузен а юкъаметтигаш шийла тIом болчу хенашкахь хиллачарел а вон ю аьлла.

Шемарчу Дума гIала ца буьту дуьненаюкъара тергамхой

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьно а, Шемарчу Iедало а леррина Дума гIалачу ца буьту дIаьвшен герз тоьхна бохучу меттигана дезинфекци ян бахана болу дуьненаюкъара тергамхой. Цунах лаьцна дIахьедар дина Iамеркан Пачхьалкхан департаменто. ДIаьвшен герз дехкарехула йолчу Дуьненаюкъарчу вовшахтохараллан (Organisation for the Prohibition of Chemical Weapons (OPCW)) инспекторш цига кхача гIерташ бу дIадаханчу шоьтан дийнахь дуьйна. Уьш саготта бу шайн йоцу кхерамазалла бахьана долуш. Шинарин дийнахь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн... Читать дальше...

ГIалгIайчоьнан Лаккхарчу кхело юхатоьхна Хазбиевн адвокаташа бина латкъам

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнан Лаккхарчу кхело юахатохна оппозиционеро Хазбиев Мохьмада талламан изоляторехь йоккху хан яхъеш суьдо бина сацам нийса бац аьлла суьдехь гIо лоцучу агIоно бина латкъам. Юкъараллан жигархочуьнан адвокатана хетарехь, суьдхоша, тидаме а ца оьцуш, дитина масийтта кIоршаме низам дохор, цундела иза лаьцна латтор дахдар бух боцуш ду Магасерчу кIоштан кхело сацам бина Хазбиев чувоьллина вита Мангал-беттан 11-гIа тIекхаччалц аьлла. хаа шарахь Магасо дуьненаюкъарчу лехаме велла а волуш, Соьлж-ГIалахь вехира иза. Читать дальше...



Москва

«СВЯТОЙ ЛЕНИН» помогает В.В. Путину улучшить либо отменить налоги в обществе.


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин объявил о запуске масштабного фестиваля "Лето в Москве. Все на улицу!"



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Анастасия Волочкова

«Я заставила себя не испытывать чувство голода»: Анастасия Волочкова рассказала в шоу Анфисы Чеховой на ТВ-3 о своём детстве




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Футболисты ФК «Динамо Пушкино» заняли второе место в межрегиональном турнире Laffy Cup 2024

Росгвардейцы обеспечили правопорядок во время футбольных матчей в Москве

В полуфинале конкурса «Это у нас семейное» в ЦФО победили 74 семьи


ATP

Даниил Медведев идет третьим в чемпионской гонке ATP, Андрей Рублев — пятый



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


VIP

Выездной Фотограф для всех желающих, ну и конечно Артистов и Музыкантов.



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России