Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Апрель
2018

Новости за 25.04.2018

Маршонех хьега вити Титиев

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIаларчу Старопромыслан кIоштахь дIаяхьна бакъонашларъярхочун Титиев Аюбан хьокъехь кхелан кхеташо. Суьдхоша шен тIаьххьара сацам баллалц иза цIахь латточу раже ваккха аьлла адвокаташа дина дехар къобал ца дира. Кхелахочо Горчханов Вахтанга иза чохь валлор нийса ду аьлла бина сацам къобал бина прокуроро а, талламхочо а.

Соьлжа-гIалин урамехь герз кхийсина кегийнах лецна

Radiomarsho.com 

Травматикан герз кхийсинчу Соьлжа-ГIаларчу вахархочунна дуьхьал административан гIуллакх даьккхина аьлла, хаамбина чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан векало. Ткъа газан тапча кхийсарна лаьцначу 16 шо долчу кIантаца кхетош-кхиоран болх бина аьлла, дийцина "Грозный" пачхьалкхан телехьожийлан эфирехь. Соьлжа-гIалара Абдурзаев Мохьмад а, 16 шо долу кхиазхо а лаьцнера оршотдийнахь, гIалин арахь герз детташ социалан машанашкахь видеороликаш яржорна. Травматикан ши тапча яьккхина Абдурзаевгара, кхиазхочуьнгара газан страйкболан тапча... Читать дальше...

"Пираьнко леш дина вайх". ФСБ-н эпсарца къамел

Radiomarsho.com 

Волчек Дмитрий Кинжкашна тIера бевза вайна "кхечарна болх бина" шпионаш, хезна, масала, тахана-кхана лоьцур болчу диссиденташна Iедалх къайлабовла аьтто беш леллачу КГБ-н капитанах Орехов Викторх лаьцна дуьйцуш. Амма шатайпа сурт ду Маршо Радиона хьалха хIоьттинарг: ФСБ-хь болх беш волчу эпсаро лаам къадийна ша оппозиционерашна тIехь терго муха латтайо дийца. Цо дийцарехь, иза кхетта шена кхаьчначу декъах – ша тоталитаран система чIагIъярхо вуйла. Шен бIаьргаш биллина, боху цо, Арент Ханнин "Тоталитаризман орамаш" кинжкано. Читать дальше...



Ереванехь юха а марсаевлла протестхойн акцеш

Radiomarsho.com 

ГIалин юккъе озийна полицин ницкъаш а, техника а. Эрмалойчуьрчу оппозицин йоккхачу "Кхиаме Эрмалойчоь" партино а, кхечу политикан ницкъаша а кхайкхамбо шайн агIончашка протестхойх дIакхетар доьхуш. Ереванерчу лакхарчу доьшийлийн цхьа могIа векалш арабевлла Эрмалойчоьнан Iедалшна дуьхьал. Маршо Радион эрмалойн Азатутюн сервисо бина и хаам. Хьалхо премьер-министран декхарш кхочушдеш хиллачу Карапетян Карена шайн бахархошка а, Эрмалойчоьнан президенте а кхайкхамбина,  парламентийн а, парламентехь... Читать дальше...

Нохчийн Меттан Де

Radiomarsho.com 

ЮНЕСКО-но 2000-чу шарахь Дуненаюкъара ненан меттан Де дIакхайкхира. Оццу дийнахь даздо шайн меттан де гIалгIаша а. Ткъа нохчаша шайн политикан къовсамца доьзна латтадо и де. Мехкан ден гIентахь ша Iачу муьрехь Алханов Iалус Охан-беттан 23-чу дийнах дира нохчийн меттан де. Ткъа иза даржера эккха а веш, цуьнан метта веъначу Кадыров Рамзана шина денна тIехьатеттира меттан де.

Нохчийчуьрчу бахархойн терахь 1,5 миллионе хьаладаьлла

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу статистикан урхалло схьабечу хаамашца, дахначу шарахь бахархошна тIекхетта 22 100 стаг (1,6%). И терахь лакхадалар махкахь бераш дуьненчу алсамдовларца доьзна. Стохка Нохчийчохь дуьненчу даьлла 31 400 бер, лурчаха хиллачуьнца дуьстича 4,6 процент алсамдаьлла. 6500 стаг велла, иза хьалха хиллачу шарца тидам бича 2, 5 процент лахделла го. Кегийчу берашлахь баларш 10 процентера 8,7 % лахделла.

Дешан маршонан рейтингехь 148-гIа могIа дIалаьцна Оьрсийчоьно

Radiomarsho.com 

Дешан маршонех хIора шарахь зорбане йоккху рейтинг йовзийтина дуьненаюкъарчу бакъонашларъяран "Доза доцу репортераш" организацино. КхоалгIа шо ду Оьрсийчоь оцу рейтингехь 148 могIа дIалаьцна Iаш йолу. Иза а, организацино билгалдаккхарца, доллу дуьненахь а прессан маршо охьаяларца. Талламан авторша бахарехь, Советан Iедал доьхначу хенахь а ца хилла, тахана, кху карарчу заманчохь оцу пачхьалкхехь дIалоьцу журналисташ а, блогерш а санна лецарш. Коьрта хаамийн гIирсаш "олигархаша" а, Кремлна муьтIахь болчара а латтош ду. Читать дальше...

Титиевн адвокаташ: Шайн ма хуьллу новкъарлонаш йо тхуна талламчаша

Radiomarsho.com 

Талламчаша дерриг а до, шайн балхана новкъарло ярхьама аьлла, дIахьедина Соьлжа-гIаларчу "Мемориал" центран куьйгалхочун Титиев Аюбан адвокаташа Новиков Ильяс а, Заикин Петра а  Москох дIайоьдучу пресс-конференцехь. "Хууш ду и бехкзуламан гIуллакх- фальсификаци юйла", - тешна ву Заикин. Бакъонашларъярхочун гIуллакх листа федералашка дIадала деза аьлла, чIагIдо Новиковс. "Мемориалан" Къилбаседа-Кавказан программан куьйгалхочо Орлов Олега даредина, Титиевга цуьнан гергарчара язден бен кехаташ дIа ца кхачо ши кIира а ду аьлла. Читать дальше...

Титиевн адвокаташка хаам а ца беш, кхеташо кхайкхийна кхелахоша

Radiomarsho.com 

ЦIеххьашха Титиев Аюб кхи дIа а чохь сацош сацам тIеэцархьама, кхаарийдийнахь кхелан кхеташо дIаяхьа лаам хилира кхелахойн. Титиевн адвоката Дубровина Маринас ларамза хиира шена аьлла, кхеташо кхайкхийнийла. Бакъонашларъярхочун кхечу адвокато Заикин Петра дIахьедарехь, талламхочунна хууш дара ша Москох вуйла, цундела тахана вовшахкхета лаам хилла церан. Заикин тешна ву, талламчаш шайна муьтIахь волу адвокат Титиевна вала дагахь хирг хиларх. Шена хетачух дийцина цо тахана Москох хIоттийначу пресс-конференцехь.

Набахтешкахь адамийн бакъонаш ларъеш цахиларх рапорт арахецна Оьрсийчоьнан бакъонашларъярхоша

Radiomarsho.com 

Набахтешкахь адамийн бакъонаш ларъярца долчу хьолах рапорт кечдина "Къизаллашна дуьхьалояран комитето" ООН-ан комитетана лерина. Къизаллашна дуьхьал Конвенци муха ларъйо а, кхечу дуьхьалдохучу шогачу таIзарх а дийцаредеш, ООН-ан Оьрсийчоьне долчу хеттарийн бух санна лорур ду и документ Оцу кехат тIехь, (цуьнан копи ю "Кавказ.Реалии" порталехь), бакъонашларъярхоша билгалдоккху, къизаллашца ситуаци мел а гIоле хила там бара, нагахь, Советан заманахь 1987-чу шарахь тIеэцна конвенцин тIебилламаш Оьрсийчоьнан Iедалша кхочушбеш хилча. Читать дальше...

Нохчийчуьра латтанаш минех цIандеш ду

Radiomarsho.com 

ХIара бутт карабеачхьана Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а 260 сов гектар латта теллина Къилбаседа тIеман округан сапераша, яздо "Интерфакс" агенталло "Нохчийчуьрчу ворхI кIоштахь а, ишта ГIалгIайчуьрчу Джейрахан кIоштахь а латтанаш цIандеш ду минех. ХIинцале а карийначу, лелха кхераме йолчу хIуманашлахь ю 260 фугасан минаш а, иштта артиллерийн тIеман гIирсаш а", - аьлла, дийцина Къилбаседа тIеман округан векало. Ерриг а кху цхьана баттахь лаьттара баьккхина 648 оьккхуьйту гIирс.

"Мемориало" пресс-конференци дIахьош ю Титиевна дуьхьал даьккхинчу харц гIуллакхах

Radiomarsho.com 

Бакъонашларъяран "Мемориал" центран кхерчахь проесс-конференци дIахьош ю кхааридийнахь 11 сахьт даьллачу хенахь "Титиев Аюбна дуьхьал харц гIуллакх долор" цIе йолуш. Дечкен-беттан 9-чу дийнахь дуьйнна лаьцна латтош ву Титиев Аюб. Талламчийн версица, цуьнан машенчохь марихуана карийна. Ша Титиевс а, бакъонашларъярхоша а дIахьедарца, наркотикаш полисхоша цунна кхийсина ю.



Москва

Азербайджанский мигрант возмутился из-за того, что в Калининграде суд назначил 4,5 года лишения свободы за убийство в ДТП школьницы. Видео


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин рассказал о мерах поддержки предпринимательства в Москве



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Песня

Рассылка Песни или Музыки на все Радиостанции России, СНГ и Мира, а также по всем СМИ России.




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

В Росгвардии стартовал чемпионат по боксу "Кубок Победы"

Инсайдер Карпов: "Спартак" выкупил Станковича у "Ференцвароша" за €200 тыс

Юные шахматисты Союза армян Чувашии посвятили турнир Году семьи и Дню защиты детей


WTA

Азаренко вышла в четвертьфинал турнира WTA-1000 в Риме



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Блоги

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России