Шема меттахIоттош Нохчийчоьнах дагабовла беза аьлла хета Думан депутатна
![Шема меттахIоттош Нохчийчоьнах дагабовла беза аьлла хета Думан депутатна](https://gdb.rferl.org/9F14F347-3D74-4F9A-8E7D-DE65F817BC0A_cx0_cy10_cw0_w800_h450.jpg)
Шеман парламентца юкъаметтигаш латточу Оьрсийчоьнан Думан депутато Саблин Дмитрийс дIакхайкхийна, Шема юхаметтахIотторехь шина тIамах яьлла, маьрша дахар дIахIоттийначу Нохчийчоьнан зеделлачух пайдаэца беза аьла.
"Кху заманан исторехь цхьа Нохчийчоь ю терроризм эшийна пачхьалкх. Дуьненаюкъара дуккха террорхойн организацеш яра Нохчийчохь. Тахана маьрша, паргIат ду цигахь. Оьрсийчоьнан регионашлахь уггар а кечйина республика ю и", - аьлла, билгалдаьккхина Саблина.