Нохчийн муфтийс Иерусалим бусулбачийн гIала ю аьлла
![Нохчийн муфтийс Иерусалим бусулбачийн гIала ю аьлла](https://gdb.rferl.org/3A943FE7-6306-4108-BD4B-042C5D07B725_w800_h450.jpg)
Бусулбачийн ю Иерусалим аьлла. ДIахьедина Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа офоициалан визитца Палестине ваханчохь, яздо "Нохчийчоь Тахана" агенталло.
"Палестинан шахьара ю Иерусалим. ХIара дешнаш массо а бусулбачийн хIусамашкахь дийнахь а, буса а юх-юха хазош хила дезаш ду. И бакъдерг ду, дехар дац я лаам а бац, тха кхача гIерта", - аьлла Межиевс.
"Нагахь тхоьгара Иерусалим дIаяккха цхьаъ гIортахь, дуьненчуьра массо а бусулба стаг вен веза цара, ткъа иза дойла яц", - аьлла, тIе а тухуш.
Иерусалимехь Палестинан къоман автономин хьалханчаца Iаббаз Махьмудца цхьанакхетар хилла нохчийн муфтийн, иштта Ал-Акса маьждигехь шен коллегаца Хьусейни Мухьаммад Ахьмадца а.
Кадыров Рамзанан тIедилларца Абу-Гош гIаличохь динчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу маьждигехь а хилира Межиев Салахь.