Бозбунчаллаi лелийна 4 зуда а, 2 стаг а лаьцна Нохчийчохь
Банкийн картанашца бозбунчаллаш лелийна тоба лаьцна Нохчийчохь. Цунах лаьцна хаам бо Кавказ.Реалии портало.
Верриг а лаьцнарг 4 зуда а, ши стаг а ду. Уьш берш чубоьхкина Устрада гIаларчу полицин талламан изоляторна.
Цу нахана бехке диллинарг ду, 5 эзар соьмах нах Iеха а беш, банкийн картанаш схьа а доьллуш, церан цIарах кредиташ эцарна. Болчу хаамца, зуламхоша зе дина иттаннаш бахархошна.