"Исламан пачхьалкхан" агент лаьцна ГIалгIайчохь
Ницккъаллийн структурийн белхахоша ГIалгIайчохь лаьцна "Исламан пачхьалкх" тобанан могIаршкахь тIом бан нах лоьху агент, хаам бо "Интерфаксо". Цуьнан цIе йоккхуш яц.
"Интерфаксан" хьастано чIагIдарехь, и стаг 2015-чу шарахь дуьйна "Исламан пачхьалкх" тобанах дIакхета Шема дIахьажо гIерташ хилла меттигера 26 шо долу яхархо.
Кхело и стаг чувоьллина талламан изоляторна. Болчу хаамца, цуьнан ду 29 шо.