Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Апрель
2018

"Пираьнко лай дина вайх". ФСБ-н эпсарца къамел

0

Волчек Дмитрий

Кинжкашна тIера бевза вайна "кхечарна болх бина" шпионаш, хезна, масала, тахана-кхана лоьцур болчу диссиденташна Iедалх къайлабовла аьтто беш леллачу КГБ-н капитанах Орехов Викторх лаьцна дуьйцуш. Амма шатайпа сурт ду Маршо Радиона хьалха хIоьттинарг: ФСБ-хь болх беш волчу эпсаро лаам къадийна ша оппозиционерашна тIехь терго муха латтайо дийца. Цо дийцарехь, иза кхетта шена кхаьчначу декъах – ша тоталитаран система чIагIъярхо вуйла. Шен бIаьргаш биллина, боху цо, Арент Ханнин "Тоталитаризман орамаш" кинжкано. Тхан йиш яц цуьнан цIе яккха, делахь а, ша ФСБ-ра хиларх тешош, дуккха а дийцира цо, муха болх бо Лубянкин "системано".

- Стенна вахара хьо ФСБ болх бан, маца кхетта айхьа дийриг нийса доцийла? Билггал аьлча, хIун гайтина хьуна Арентан кинжко?

Ас бечу балхо чIагIйо халкъалахь къайлах лела тоталитаран структура

- Юьхьанца дог диэхьара, тара дерриг а, воккхавера со. Вехха ца кхеташ Iийра, хIун ду оха дийриг, стенна до. Къийсам латтабо олура системехь йоцчу оппозицица, иеговисташца, фашисташца, антифашисташца… ТIаьхьо кхийтира и ерриг а  IалгIож Iедал Iалашдеш, цунна резабоцурш совцош лелайойла. Кхета воьлча, Iетто дог догIу.

Арентан кинжко суна гайтира, ас муха сайн балхаца чIагIйо халкъалахь къайлах лела тоталитаран структура. Оьрсийчохь ойланца а, аларца а маьрша болу нах кхачалахь, юьйлалур ю бакъйолу репрессеш.

- Стенна лаьа хьуна хьайн балхах лаьцна тхоьга дийца?

Айкханчийн могIарш бу бесташ

- Лаьа, пачхьалкх лекхачу бердах йоьдуш ца лалуш. Дукхахберш ца кхета хуьлучух, харц бу дерриг а дика ду бохурш. Мел бу аьлла хета шуна шайн лаамехь, "пачхьалкхан дуьхьа", мотт беттарш? Ас олу шуьга, ГIирме "садаIа" лийлира царех дукхахберш 2014-чу, 15-чу шерашкахь. Шозза баханарш а бу.

Дог кхаьрда, кегийрхой, богIий, шайн накъосташна меттанаш бетта буьйлабелча. Бохкабелла уьш декъазчу пираьнках, шайх дIатарбо гонахаранаш а. Сан бераш а дехар ду царна юкъахь, гобаьккхина даьржар ду моттбеттар. Цуьнан ойла йо ас.

- Оццул дукха бу айкханчаш? Стенан хьокъехь бетта меттанаш дукха хьолехь, цаьрца болх кест-кеста бой аш?

Иеговисташа атта ца туху мотт, царна тIехь шен цергаш кегйо системо

-Кхуьуш ду церан гара. Лулахо, куьпах жоп луш волу белхахо, цIийнах жоплург, балха тIера, доьшийлера накъост, иштта дIа кхиверг а. Маркетинган маша санна, цунах тера даьржа и ун. Масала, проблема иккхи цхьаьннан (бизнесехь, бандиташца, коррупцица, хьаькамца, бехк такха ийзорца, доьшийлехь…), иза хьодий воьду "тешамечу доттагIчунна" тIе, цо вукхунна тIевуьгу, ткъа вукхо валаво тхо долчу, иза ша кхин дийр дац, олий, шен са паргIат а доккхий. Иштта болх бо машано. Цхьаъ хьалаволу дахаран лами тIе, важа – охьавоьду. Ткъа ца бо оцу кепо болх иеговисташлахь - царна тIехь шен цергаш кегйо системо.

– Иеговисташца болх ахь маца болийна, уьш низамера баьхча, я хьо хьалха дуьйна а ву уьш тергалбеш? Пачхьалкхна уьш стенна ца беза, кхетий хьо?

Оьрсийн Керста Килс тхан филиал йолуш санна ю

- Дукха хан ю, царна дуьхьал низам даккхале дуьйна а. Церан ондда вовшахбозабелла "экстремистийн" гуо бу. Шаьш делах тешаш хиларе терра, пропагандах ца Iехало уьш, ца бало тхоьга царех айкханчаш. Система кхоьру цкъа мацца а Iедале бахка уьш гIортарх –вовшашна муьтIахь а бу уьш, цу тIе церан куьйгалхой Iамеркан Штаташкахь бу. Делахь а, адамна цIий далар-доттар тIе ца оьцу цара, аьлла, бахьана а кхоьллина, бехира уьш низамера.

- Килсашкара мозгIарш буй шун тергонехь?

- Оьрсийн Керста Килс тхан филиал ю ала мегар ду, вовшашца къийсало цигахь. Даккхийчу даржашка хIиттош берш тхоьга хоттий хIиттабо.

–Информаци яьржира, къайлахчу сервисаша шаьш кхолла а кхоьллина, Iораяьккхира оппозицехь ю боху "Керла Сийлалла" тоба, аьлла. И тайпа фабрикацеш кест-кеста нислой?

Цадашар, шалхелелор – иза тхан амалехь ду

-Тоьшалла динарш тхан системера бара. Сан ца нисделлла и саннарг дар. Амма "Э" Центр – ФСБ-н филиал ю, аьлча а, цуьнан цхьа тIам.

-Хьан коллегашлахь буй "Оьрсийчоьнан мостагIашца", шаьш лелочух а тешаш, дуьхьаллаьттарш, "путинисташ", я шаьш дечух а ца бешаш, ахчан дуьхьа болх бо цара?

– Мила теша хаац, амма цадашар, шалхелелор – иза тхан амалехь-м ду. Путиннна критика йича, массара а цецбевлла кеп хIоттайо, шаьш зуьйш ду олий хета, бовдий боьлхий, хьаькаме дIаолу.

– Атта дуй оппозицин могIаршна юкъа агенташ хеца? Хьоьхур дарий ахь, муха вовза йиш ю шун стаг?

ЛадугIу, хьоьжу, доьшу, дIаяздо

​– Иза дан тIех хала дац: хьелашна оьшшу кандидатура схьакарийчхьана. Тхан стаг вовза массех хIума ган деза. Масала, хьуна вевзаш а воцу стаг хьох лаьцна дуьйцуш велахь (хьан хобби, дахаран некъ, веха меттиг, хьуна маса мотт хаьа, иштта дIа кхин а) – эццахь ойла ян еза.

–Ахь телефонашка ладугIу, почта йоьшу, машанашкара йозанаш тергалдо… Айхьа тидамехь латточу нахана хIун хьоьхур дара ахь?

– ЛадугIу, хьоьжу, доьшу, дIаяздо. Дика ю хIинца техника а, таронаш а. Оьрсийчоьнан территори тIехь тхуна цхьа а доза дац. Сан хьехам: Вконтакте цалелор, оппозицин сайташ тIехь регистраци цаяр, Tor-браузер лелор (иза 2017 шарахь дуьйна йихкина Оьрсийчоьно).

– Навальныйн волонтераш бу массанхьа а лоьцуш, кегийрхой, студенташ. Цаьрца болх муха бан беза, инструкцеш юй шун?

– Официалан верси – къепедацарш, административан низам дохор цахилийта. Протесте бевлла кегийрхой совцош, церан дай-наношца болх бо, полицехула. Ала дашна, доьзалехь буй-тIара яр бехктакхаме а дац хIинца.

– Заманца приоритеташ хийцалой? Тахана, аьр вай, коьрта тидам иеговоситашна тIехь белахь, кхана – навальнисташна I1еберзош?

ХIора декъо шен "мостагIашца" болх бо, цул беза болх бан а бац, олу

Системина мостагI волуш ву даима а. Тахана – цхьаъ, кхана – кхин, я иза ший а. ХIора а гайта гIерта, мел "веза" ву ша тергалве "мостагI", мел боккха бу цо бохьу кхерам.

- Дуьйцу, Краснодарехь ФСБ-но меттигерчу полицин дакъойх шайна "къайлах набахтеш" йина, бохуш. Бакъ дуй иза?

– Административан хьесапехь стаг лацар а, лаьцна латтор дахдар а – иза лелаш ду.  Ток етта бохуш дуьйцург а, гарехь, харц дац.

– Аш оппозицина духьалоеш, Iедалца кIедаверг къаста а вой?

– Айкхаша тхаьшка схьабийцинчу нахаца болх бо ас. Iедална духьаллаьттарш – уьш лечкъаш а боцу оппозиционераш бу. Территорешкарчу харжамийн каппашкахь леллачу хьолах информаци кхочур ю тхоьга деношкахь – тIаккха, сих а ца луш, болор бу болх. ХIоранца бийр бац, коьртаниг стеган зIенаш карор ду: болх, секта, кхидерг. Ца теша хьо? Со а тешар вацара, хууш вацахьара.

 -Нах режимна резабацар тIаьхьало йолуш дуй?

– Соьга хаьттича, дац.

–Скрипальна дIовш даларх лаьцна дуьйцург хьуна муха го? ХIун дуьйцу хьан коллегаша?

- Скрипальна дIовш даларца скандал гIаттийна ахча кхачийча. Системин ерриг а истори – чуьрчу а, арахьарчу а мостагIашца къийсар ю. Михоэлсна тIера Литвиненкона тIекхаччалц. Сан коллегаша олу: "Тхо дац иза динарг, амма хIора мостагIчуьнна иза хир ду ".

– Интернет дIакъовлур ю, боху ахь. Иза хьуна хетарг ду, я ца дича цадериг ду, хIун боху шун балхахь?

– Иза суна хетарг ду. Клименкос элира-кх дукха хан йоццуш, Китайн шен ю интернет. Со техник вац.

– Хьан алапа мел ду? Дика болх бича мел тIетуху ахча? Атта дуй даржехь лакхавала?

Хаийла "иччархошна" шаьш айкханчаш буйла, вайн мохк Къилбаседа Кореях дIатаръяла пхи минот бен а йоцийла

– Алапа жима дац, Сечинчуьнга ца кхачахь а. ХIинцца веъначу лейтенантна 60 эзар сом ло, мелла а хан яьлча – 90, хьаькамна – кхин а дукха. Шерашца, дарже хьаьжжина тIекхета алапа. "Керла Сийлалла" кхоьллинчунна шо доьрзуш лур ду ахча. Даржехь лакхавоккху хенан йохалла, хьо шена тIехула эккха воллу аьлла хьаькамна ца хетчхьана. Тийна-таьIIина Iа дукхахберш, воккханиг пенсе ваххалц, хьо хьалаваккхалц.

– Муьлхачу меттехь дика ду болх бан, атта ду даржехь лакхавала?

– ТIехьожучу дакъошкахь дика ду, цигахь экономикера нах бевза, таронаш совйовлу.

– Дозанал арадовла, дIасадаха бакъо лой шуна?

– Ца ло, белхан гIуллакх эцна воьдуш вацахь.

– Зуда, гергараниг Мисара я Таиланде кхача лууш хилча, декхаре вуй Iедалца къаставала?

– Ву дера.

- ГIирмехь садаIа магош ду, я тIедожадо?

– Иштта схьа ца олу, бен а дац, Оьрсийчохь садаьIчхьана.

– Хьо санна "диссиденташ" бан а буй хьан коллегашлахь?Шайн  шеконех лоций къамелаш вовшашца дан а дой аш?

– Ца до и тайпа къамелаш. Дахь – хьо зуьйш ву. Ший а водур ву хьаькаме дIаала.

- ФСБ-н майор Игнатьев Александр вуьйцуш хезний хьуна – зудчунна урс хьаькхна, бIаьргаш баьхна, юха шен 4 шо кхаьчна бер дийна волу? Иза балхахь хьерваьлла бохура-кх. Оццул чIогIа стресс хуьлу шуна?

– Дера хезна. Балхо хIаллаквина иза, айкхаллаш дукха а дешна, ша-шена чувоьлла, тIаккха дина динарг. Дагара дийца стаг ца хилла цуьнан. Оцу балха тIехь кхоьлина, мокха тхо массо а лела. Хаийла вайн "иччархошна" шаьш айкханчаш буйла, вайн мохк Къилбаседа Кореях дIатаръяла пхи минот бен а ца йисинийла. Оьрсийчоьнан коьрта мостагI – иза шех пачхьалкх а хилла лаьтта къайлахчу ницкъийн система ю.





Губернаторы России
Москва

Собянин: Около обновленных поликлиник создано более 600 зон отдыха





Москва

Филиал № 4 ОСФР по Москве и Московской области информирует: Свыше 5,2 миллиона жителей Московского региона получают набор социальных услуг в натуральном виде


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин: На северо-западе Москвы открылся волонтерский центр «Доброе место»



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Ольга Бузова

Депутат Ахмадинуров раскритиковал наряд Бузовой на выступлении в Уфе




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

ФК «Зенит» представил стартовый состав на суперфинал Кубка России в Москве

«Зенит» добыл волевую победу в матче с «Балтикой» и завоевал Кубок России

Неделя легкой атлетики пройдет в Москве


Анастасия Потапова

Ролан Гаррос. Расписание 2 июня. Потапова и Швентек сыграют первым запуском, Синнер – последним



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

Собянин: Около обновленных поликлиник создано более 600 зон отдыха



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России