Ослохь лаьцнарг нохчийн къомах ву, боху Оьрсийчуьрча зорбанан гIирсаша
Хьалхо РИА Новости агенталло хаам баржийнера, Ослохь бакъо йоцу оьккхуьйту молха лелорна шеко йолуш Оьрсийчуьра вахархо лаьцна аьлла.
Болчу хаамца, Ослорчу цхьана петаре полици кхайкхинахилла, цу чохь лоьрийн гIо оьшуш стаг ву аьлла. Полисхоша талам бича цу чохь карийна эккхарна кхерам болу коьчалла. Цул тIаьхьа оьрсийчоьнхо лаьцна.
ТIаьххьара болчу хаамца, полицино лаьцнарг 3 стаг хилла. Оьрсийчуьрча news.vse42.ru яздо церах лаххара а цхьаъ, къомах нохчо хиларх лаьцна. Иза хьошалгIа веана хилла Осло. Цуьнгахь карийна бомба.
Талламхоша левинчул тIаьхьа кхелан сацамца талламан изоляторе хьажийна и стаг.