Нохчийчуьра Iедал адамийн бакъонаш йохорна бехке дина Iамерко
![Нохчийчуьра Iедал адамийн бакъонаш йохорна бехке дина Iамерко](https://gdb.rferl.org/033F64AB-2896-46C9-8637-8C6A53371061_w800_h450.jpg)
"Кадыров Рамзанан Iедало Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхош ю, хуьлуш бекхам а боцуш. Цхьа а низам талхор теллина дац цигахь, я кхачийна дац меттигерчу я федералан суьде", - аьлла ду Iамеркан Пачхьалкхан департаменто хIора шарахь арахоьцучу рогIерчу рапорта тIехь, хаам бо РИА Новости агенталло.
Хьалхо Кремлехь Кадыровс тешийра президент Путин Владимир, зорбанан гIирсашкахь Нохчийчохь адамаш лечкъош а, дойуш а ду бохуш яздеш дерг питанан чулацам болуш хиларх. Нохчийчоьнан куьйгалхочо элира, байина боху нах эххаре а дийна карийра шайна аьлла.
Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс цу хенахь элира, Кадыровс дуьйцучуьнах ца теша бахьана ца го шайна аьлла.