Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Апрель
2018

Iедал а, журналисташ а

0
Iедал а, журналисташ а

Черкес Лариса

 

Къилбаседа Кавказехь массарел маьрша бу Дагестанера журналисташ, ткъа цхьайолчу республикийн прессехь критика янне а яц

"Медиастандарт" фондо а, талламаш бечу "Циркон" тобано а кхаа шарахь зийна Оьрсийчуьрчу 85 регионера пресса.

Къилбаседа Кавказера хаамийн гIирсаш а бара церан декъахь. ЖамIех лаьцна дийцира "Кавказ.Реалиина" интервью луш "Медиастандартан" талламчас Капитонов Якова.

Журналисташ Iедална муьтIахь хилар" олу индикатор кхаа шера чохь массанхьа а санна лахъелла. Краснодаран махкахь, Адыгей, ГIебарта-Балкхаройчохь, Кхарачой-Чергазийчохь, Дагестанехь, Къилбаседа ХIирийчохь. Нохчийчохь даима а санна лакхара ю журналистийн мутIахьалла – баллашца юьстича, 10-ннах 9,5 гергга.

Бакъду, юьхьанца ас хьахийначу мехкашкахь журналисташ Iедалх базар маллуш делахь а, цкъачунна сов лакхара ю церан муьтIахьалла. Бахархойн хьашташка пресса мел хьожу зийча, хийцам боцуш, цхьана эшшара лаьтта и индекс".

Эксперто дийцарехь, Къилбаседа Кавказерчу медиамайданахь угаре дукха индикаторш хьала-охьа уьду зона ю Краснодаран мохк.

"Кубанехь оха тергалдина цхьа хIума: регионо прессина ло ахча лахдешшехь, лакхайолу журналистийн белхан эвсаралла. Доцца аьлча, Iедало ахча шайна кIезиг мел кховдадо, болх дика бо хаамийн гIирсаша".

Капитоновс дийцарехь, 2016-чу шеран гурахь мехкийн прессехь арайийлина материалаш листича, куьйгалхойх уггаре дукха критика лайнарг Дагестанера лидер ву – 0,36 индекс. Тоъал дукха ю прессехь критика ГIалгIайчохь – 0,33, Къилбаседа ХIирийчохь – 0,25, Ставрополан махкахь – 0,18. ГIебарта-Балкхаройчохь а, Нохчийчохь а – 0 (критика янне а яц).

Къоначу чкъуран "Молодежь Дагестана" газетан коьртачу редакторан гIовсо Джафаров Тимура "Кавказ.Реалиица" динчу къамелехь билгалдаьккхира, Оьрсийчоьнан Конституцин 29-гIачу артикло магош йолу дешан маршо, цхьамогIа кхийолу бакъонаш а санна, лакъийна Iедало, аьлла.

Джафаровс бахарехь, Iедалан урхаллаша цаевлла ло прессина информаци, иза яккха алссам хьуьнар а, хIилла а оьшу журналистна. Юьхь-дуьххьал журналистийн балханна новкъарло еш а нисло.

"Дуьхьало ян маьIна долчух тера ду. Цкъачунна йолуш ю Дагестанехь критика. Бакъду, хан мел йолу а журналистийн профессионализм лахлуш го. Делахь а, ерриг Оьрсийчоь схьаэцча, эшна дац хьал".

Дагестанехь вийна массийтта журналист, нисделла етташ. "Суна хаьа сайна муьлха агIор кхерам бу. ХIора журналисто шен-шена амал бо и кхерам лахбеш", - боху цо.

Дагестанерчу кхечу газетан – "Черновикан" – белхахочунна Магомедов Мохьмадна хетарехь, Къилбаседа Кавказан мехкашкашца юьстича, Дагестанехь алсам кхочу бахархошна дешан маршо.

Иза стенца дозу а дийцира Магомедовс.

"Iедало луш кхаьчна бац и аьтто, Дагестанехь политикан ницкъаш, кхетамаш кеп-кепара хилар ду. Хаамийн гIирсаш мелла а маьрша бу. Политикехь конкуренци хиларе терра, дуьхь-дуьхьал лаьтта кхетамаш а лела. Оцо аьтто бо прессина мелла а шенна яха, шен лаамехь лела, 1едална я вовшашца оппозицехь болчу политикаша гIортор еш а нисло".

"Черновикан" белхахочо бахарехь, майра даржийначу дашо шена, журналистна, хьовзам боккхуш а нисло – атта дац лазаме хеттарш гIитто.

"Медиастандарто" шен таллам бовзуьйтуш, оццу 2016-чу шеран гурахь Адыгейн прессехь лаьттинчу хьолаца а дузуш хоуьйту махкара хаамийн г1ирсаш маьрша боцийла, прессехула яьржа ойланаш цхьана агIонера – 1едалера – бен йоцийла.  

" Да воьлхучу хьолехь бу Адыгейра хаамийн гIирсаш, Iедалх йоцу пресса янне а яц, - элира интернетехула болх бечу "Майкопский городской портал 8772.ru" хьостан коьртачу редакторо Павлухин Михаила. Цо бахарехь, махкахь ерриг а информаци кхуллург а, яржориг а Iедалан пресса ю.

Павлухинна массо а агIор эшна го коллегийн таронаш.

"Иза хьаькамийн карахь ю. Хиллачух лаьцна царна оьшшучу маьIнехь даржадо. Тхан портало гIаттийра Iедало кегон магош йоцу массех тема,  чаккхе – тхо ницкъахоша шайна тIекхайкхар. И тайпа юкъарло дIадоьду, цхьа а бух бацахь а, тхуна цIийнах хьовсуш, тхоьгара оргтехника йоккхуш. Цундела Адыгейрчу дешан маршонах лаьцна дийца х1умма а дац".





Губернаторы России
Москва

Мэр Москвы и глава Башкортостана подписали соглашение в рамках ПМЭФ





Москва

«Солнечная Азбука» в особом семейном центре «Семь-Я»


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

В Зеленограде появится производство альбумина и иммуноглобулина — Собянин



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Игорь Крутой

Студенты Академии Игоря Крутого раскрыли свои таланты




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Псковичка стала призером соревнований по прыжкам в высоту в Москве

Поражения Шубенкова и Савлукова, осечка Кнороз и двойной триумф Макаренко: чем запомнился «Мемориал Знаменских»

«Столото» подписал соглашение в развитие стратегической поддержки комплекса ГТО и многоборья ГТО


WTA

Соболенко, проигравшая Андреевой, потеряет 2-е место в рейтинге WTA по итогам «Ролан Гаррос», уступив его Гауфф



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

В Москве осудили бывшего начальника из ремонтно-строительного управления МВД



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России