Сомалехь Iожалхо иккхина, нах байина
Сомалерчу Галькайо гIалахь Iожалхочо ша шен эккхийтар бахьана долуш вийна лаххара а 6 стаг, 8 чевнаш йина. Масех эскархо а ву байинчарлахь. Garowe Online Сомалин хьостано баржийна и хаам.
Reuters агенталло билгалдаккхарехь, террорхойн "Аль-Каида" организацица уьйраш йолчу "Аш-Шабаб" тобано шена тIелаьцна и зулам.
2014-чу шарахь кхоллаелла ю "Аш-Шабаб" группа. "Аль-Каида" организацин Малхбалера-африкахойн филиал ю иза.
Африкан Рог олучу кIоштахь шогачу исламан верси дIахIотто Iалашо ю церан. Тобанхоша кест-кеста тIелатарш, теракташ до Сомалехь.