Дерриг дикачунна монополи. ГIоьналлин барамаш шена тIе муха базбо Кадыровн Фондо
Кадыров Ахьмадан цIарахчу регионерчу фондо дийцина ша нохчийн ломанан Дишни-Веданахь некъ билларх лаьцна. Меттигерчу бахархоша дIахьедира Кавказ.Реалиига, оцу белхашна ахча юьртхоша гулдина хилар. Хьалххе дуьйна муьлхха а республикера юкъараллин объекташ фондо шен чоьте язъеш йолу практикан рогIера дакъа хилла цунах, чIагIдо эксперташа. Пхи бIе метр болчу некъана силам (асфальт) билларх лаьцна меттигерчу телехьожийлехь дийцира. ЧГТРК "Грозный" каналан репортажехь Веданан кIоштан администрацин куьйгалхочо Абдулазизов Шарпуддис дIахьедира... Читать дальше...