Нохчийчоьнан 100 шо кхачарна лерина шен 12 гергарчунна мидалш елла Кадыровс
"Нохчийн Республика кхоьллина 100 шо кхачарна лерина" медалш луш омрана кIел куьйг яздина Кадыров Рамзана. Республикан администрацехь, йа Соьлжа-ГIалин мэрехь болх беш болу мел кIезга а цуьнан 12 гергарчунна делла совгIаташ. Гезгмашин-беттан 20-хь оцу тайпа кехат регионан куьйгалхочун сайтехь арахийцира. СовгIат кхаьчначийн декъехь бу: Кадырова Аймани – регионера Кадыров Ахьмадан цIарахчу юкъараллин фондан президент, Кадыров Рамзанан нана. Делимханов Адам – пачхьалкхан думан "Единая Россия" фракцин депутат, Кадыров Рамзанан гергарстаг. Читать дальше...