Нохчийчуьра кегийрхойн йоллу юкъараллийн куьйгалла дийр ду Кадыровн кхиазчу кIанта
Нохчийчоьнан куьйгалхочун 16 шо долу воI Кадыров Ахьмад цхьаьнакхетта Оьрсийчоьнан дешаран министрца Кравцов Сергейца "кегийрхой кхиоран керла некъаш" дийцаредан. Репортаж гайтина меттигерчу ЧГТРК "Грозный" канало. Оьрсийчоьнан берийн а, кегийрхойн а боламан куьйгалхочун дарже мехкан урхалхочун кIант хьалхататтарна тIетайна федералан министр. Цхьанакхетарехь дIахьедира, цо куьйгалла а деш, регионехь мел йолу берийн а, кегийрхойн а организацеш вовшахтухур ю аьлла. ЧIагIдарехь, Кадыров Ахьмадан... Читать дальше...