Лоьрийн кхачам болчу регионийн рейтингехь тIаьххьарчех ю Нохчийчоь
Пачхьалкхан, муниципалан лоьрийн хьукматашкахь лоьрийн кхачам болчу оьрсийн регионийн рейтингехь чакхенгара схьа кхоалгIачу меттехь* ю Нохчийчоь. 10 эзар бахархошлахь нислуш болчу лоьрийн терахь ду тидаме эцнарг. Хьал чолхе долчу топ-10 регионашна юкъанисбелла Роставан мохк а. Товбеца-баттахь долчу зерашца юккъерчу барамехь 10 эзар оьрсашна юкъахь 40 лор нисло, дуьйцу хьукматашна юкъарчу хаамийн-статистикан цхьаалин системехь Оьрсичоьнан могушалла Iалашъяран министралло. Къилбаседа Кавказан дукхачу регионашкахь и барам дикка лахара бу. Читать дальше...