Шен накъост Афганистане вахарх мотт ца тохарна кхел йина Нохчийчуьрчу вахархочунна
Гуьмсан гIалин кхело бехке лаьрра меттигера вахархо Тасуев Сулим, зуламах лаьцна хаам ца барна – мессенджерашкахула шен доттагIчуьнца дечу къамелехь цунна, дийцарехь, хиина иза Афганистане ваха ойла йолуш хилар, террорхойн тобанехь дакъа лаца Iалашонца. Бехктакхаман гIуллакхан материалашца а догIуш, мебель арахоьцучу компанехь болх беш волу Тасуев 2018-чу шарахь ватсапехула, телеграмехула къамелаш деш хилла шен накъостаца. Вукхо, бахарехь, дийцина хилла цуьнга, ша иранхойн-афганхойн доза хадо дагахь ву... Читать дальше...