Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Март
2020
1 2 3 4 5 6
7
8
9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 01.03.2020

Лаьцна латточу гIалгIайн жигархочо Чемурзиев Бараха шолгIа арз дахьийтина Европан кхеле

Radiomarsho.com 

Магасехь хиллачу гуламца доьзна лаьцна волчу Чемурзиев Бараха шолгIа арз дахьийтина Страсбургерчу адамийн бакъонийн кхеле. «Правовая инициатива» («Бакъонан инициатива») проектан векалша дийцира «Кавказ.Ркалиига» цунах лаьцна: Европан кхеле ша хьажийначу шолгIачу орзехь Чемурзиевс билгалдаккхина, ГIалгIайчуьра гулам маьрша Iалашонаш йолуш а бара, иза йоьдучу муьрехь гуламхоша низам а ца талхийна, аьлла. Оьрсийчоьно шена тIехь ечу кхелехь агIонашна къовса магош йолу принцип талхайо, аьлла ду Чемурзиевн арз. Читать дальше...

Чергазийн жигархочунна Кочесоко Мартинна бехк тIебаьхьина юха а

Radiomarsho.com 

"Хабзэ" юкъараллин куьйгалхочунна Кочесоко Мартинна шозлагIа а бехк тIебаьхьина талламчаша. Оцу хьокъехь «Кавказ.Реалиига» хаийтина цуьнан адвоката Хутов Тимура. "ХIинца цунна бехкединарг къаьсташ дац юхьанца кхайкхийначух, иза лоцуш тоьшалле хIиттийна нах кхетам талла дарбан цIийне хьовсийна – гучудаьллера уьш психикан неврологин диспансеро тергалбен нах хилар», - боху адвокат Хутовс. "Кавказ.Реалиино" хьалха яздина ма-хиллара, тешех цхьаъ наркотикаш лелорна набахтехь хан текхна ву, ткъа иза лоцуш тоьшаллехь лаьттина ву шолгIаниг. Читать дальше...

Норвегера ТВ: Блогерна Абдурахмановна тIелатар Швецехь дина

Radiomarsho.com 

Норвегерчу TV2 телеканало нохчийн оппозиционерна-блогерна тIелатар дина меттиг Швецера Евле (Gävle) гIала ю ,аьлла, хаам бина шен репортажехь. Телеканало бахарехь, Швецин полицино стаг вен гIортарна бехкевина Абдурахмановна тIелеттарг. Оцу информацех лаьцна цкъачунна комментари ца елла Абдурахманов Тумсон гергарчара. Чиллан-беттан 26-чу дийнахь вевзаш воцу стаг тIелетира Европехь вехачу блогерна Абдурахмановна. Ша вен веанарг йиттина охьавиллина гойтуш, видео яьккхира ша Абдурахмановс. ЦIийлахь Iуьллучо бохура видео чохь... Читать дальше...



ХIирашна шайн дайша лелийначу кепехь магадо фамилеш лелон

Radiomarsho.com 

Къилбаседа ХIирийчохь дай-наношна мега шайн къомо хьалха лелош хиллачу кепехь берашна фамилеш язъян, тIехьа «-ты» я «-ти» а хIоттош (масала, Хугаев – Хугаты). Оцу хьокъехь ду мехкан парламенто тIеэцна «ХIирийн къоман ламастийн ларамбеш, фамили яларх долу гIуллакх» цIе йолу низам, хаамбо «Кавказ.Реалиин» меттигерчу корреспонденто. Низаман проектан автора Бокоев Эльбруса дийцарехь, «низам дуьззина догIу Оьрсийчуьрчу бакъонашца». Низамо магадо фамилин редакци бахархойн лаам боллучу кепехь къастон... Читать дальше...

«Хьонка-Фест» Нохчийчохь: СовгIат даьккхина жахар дукха безачу цициго

Radiomarsho.com 

Нохчашна Iай массо а кхачанал дукха безачу хьонкин де дIадаьхьина Соьлжа-ГIалахь шоьтадийнахь – «Хьонка-Фест». Лараман совгIат делла «Пису» цIе йолчу цицигна. Хьалхо Нохчийчоьнан туризман министра Байтазиев Муслима дехна хиллера бахархошка, кхехкийна хьонка – жахар - буу цициг гойтуш махкахула яьржина лелачу видеон «турпалхо» схьалахар. Ткъа турпалхо хилла «Пису» це йолуш, цуьнан долахо – Бетирова Зарета. Иштта кхаьчна «Хьонка-Фесте». Пису а, цуьнан долахо а. «Даарна тIерахиларна а, кхача харжа дика хаарна а... Читать дальше...

«Ахматан» футболе ницкъаша хьийсадо шаьш боху Соьлжа-ГIалин бахархоша

Radiomarsho.com 

Шоьтадийнахь рогIера футболан матч хилла Соьлжа-ГIалахь: «Ахмат» - «Ростов». Цуьнга хьовса ницкъаша бахийтина бюджетера ахча оьцу нах а, студенташ а, хаамбо "Кавказский узел" газето, меттигерчу бахархойн тоьшаллаш а далош. «Хьаькамо омра динера 18.30 стадионехь хила. Цуьнан кевнехь тхо дагардан хIоьттина вара тхан министраллера векал, гул а дина, цо дIахьовсийра тхо гIенташ дIалеца. Бухахь хьал тергалдеш яра ОМОН а, СОБР а (чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера дакъош – ред). Шийла яра, стадионехь ах гергга меттигаш бен бацара дIалецна»... Читать дальше...

«Сий лардеш» йиша ейтина видео бахьанехь полисхо балхара вохийна ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

Евлоева Елизавета (децIера – Могушкова) ер зуьйш ю Талламан комитетан ГIалгIайчоьнан урхалла. Оцу зудчух лаьцна видео яьржича йийна иза цуьнан вашас. Ткъа интернетехула ша видео яржийна волу полисхо даржах ваьккхина, хаамбо "Интерфакс-Юг" агенталло. Талламан урхалло бахарехь, полисхо лаьттинарг «лаьцна латто бакъо ехна кхеле». Байначу беттан 7-чу дийнахь 37 шо долчу Могушков Мохьмадбешира йийра шен йиша Евлоева Елизавета. Цул тIаьхьа полице а вахана, цо хаийтира ша «шайн доьзална тIера эхь дIадаьккхинийла». Читать дальше...

Кавказерчу нехан бакъонаш а хьехийра Немцов дагалоцучу барамашкахь

Radiomarsho.com 

Политик Немцов Борис вийна 5 шо кхачарна лерина барамаш дIабаьхьина шоьтадийнахь Оьрсийчоьнан дуккха а гIаланашкахь. Алссам наха дакъалаьцна Москварчу гуламехь. Страстной бульвар тIера Сахаровн майдана кхаччалц некъ бечу наханна гонах бара дуккха а полисхой. Гуламхойх дIакхета луург воккхура кхерамзаллина хIоттийначу гIирсан кевнах чекх, толлура цуьнгахь ерг. Дагалецамийн барам кхайкхийначийн декъахь яра «Яблоко» парти, «Солидарность» болам, ПАРНАС, «Мемориал», Навальный Алексейн коррупцина дуьхьалоен фонд, кхийолу юкъараллаш. Читать дальше...

Бозуш боцчу хаамийн гIирсийн синдикат кхоллаелла Оьрсийчохь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьрчу бозушбоцчу хаамийн гIирсаша "Синдикат-100" юкъаралла кхоьллина шайлахь. Цуьнан Iалашо пачхьалкхера хиламаш бовзуьйтуш юкъахь болх бан. Ишта бу "Новая газетин" («Керла газета») хаам. Синдикатан декъаяхана «Дождь» телеканал, «Кавказский узел», «Медуза» портал, «Эхо Москвы», «Новая газета», "Черновик", "Юга.ру", кхиболу а хаамийн гIирсаш. Синдикатан декъаяха бакъо ю Iедалх йочу кхечу информацин хьостийн. Бозуш боцу хаамийн гIирсаш цхьаьнакхетаро аьтто бала тарло Iедало бюджетера ахча а латтош... Читать дальше...



Москва

Смертельная ревность. Что известно об «убийце с автоматом»


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин заявил о росте инвестиций в Москву из-за импортозамещения



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Песня

Театр «Сказка» приглашает на грандиозное театральное шоу «Песни первых птиц»




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

В Крылатском будет создан современный спортивный кластер — Собянин

Академия Плющенко требует почти два миллиона со сбежавшей от них юной спортсменки

Сергей и Ангелина Минаевы из Брянска завоевали серебро Кубка «НИКА 2024»


Стефанос Циципас

«Он никогда не снимается с турниров». Циципас прокомментировал травму Джоковича



Новости Крыма на Sevpoisk.ru




Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России