Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Март
2020
1 2 3 4 5 6
7
8
9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 14.03.2020

Зорбан гIирсаш: коронавирусах лардалар хьокъехь беш кхайкхамаш а болуш, "Ахмат" клубан футболе хьажа бигина Соьлж-ГIалара бахархой  

Radiomarsho.com 

Iедалан белхахоша кху беттан 13-хь нуьцкъала "Ахамат" а, "Динамо" а клубаш ловзуш футболе хьажа бигина Соьлж-ГIалара бахархой, коронавирус бахьана долуш дуккха а адамаша дакъалоцучу мероприятешка ма гIо бохуш хьехарш долуш. Цунах лаьцна "Кавказский узелна" дийцина ГIаларчу бюджетан организацийн белхахоша а, студенташа а, хаам бо Кавказ.Реалиино.   Оцу юкъана Нохчийчуьра 7 стаг ву Соьлж-ГIалахь дарбанан цIийнехь коронавирус хьакхаелла хила мега аьлла шеко йолуш охьавиллина.

Конституцехь хийцамаш барх лаьцначу низамна тIе куьг таIийна Путина

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира тIе куьг таIийна Конституцехь хийцамаш барх лаьцначу низамна. Документ зорбане даьккхина низамийн информацин порталехь. ХIинца иза талла дезаш ю Конституцин кхел. Цул тIаьхьа хийцамаш махкарчу бахархойн кхоже бохкур бу. Конституцина тIехь бинчу хийцамашца хуьйцуш ю махкарчу Iедалан декъийн баланс, бакъо луш ю Конституцин кхелан суьдхой балхара дIабаха, Путинна а, Медведевна а бакъо луш ю юха а шозза президентан харжамашкахь дакъалаца, нагахь цара толам баккхахь. Читать дальше...

Схьакарийна Францехь яйна нохчийн ши йоI

Radiomarsho.com 

Нохчийн доьзалшкара ши йоI яйнера Францехь кхушеран Чиллан-баттахь. ХIинца и шиъ карийна, хаам бо Кавказ.Реалиино, церан гергарчу стагана тIе а тевжаш.   Хьалхо дийцина ма хиллара, Сен-Ло гIалахь школе яханчура цIа ца еанера 17-тта шераш долу ши йоъ. И шиъ доьшуш яра Marie Curie лицейхь. Кхиазхой баран хьелаш къастош ю полици.



Кхин цхьа доьзал а цIабалийна Шемара

Radiomarsho.com 

ТIом боьдучу Шемарчу кIоштара шен 4,6 шераш долчу шина бераца цхьана цIаялийнарг ю Дагестанан яхархо Кенжибулатова Эльмира. Тахана, Зазадоккху-беттан 14-хь Iуьйранна цIакхаьчна и доьзал Туркойчуьра Соьлж-ГIала деанчу кеманца, хаам бо "Грозный-информ" агенталло. Бакъаонашларъярхочо Саратова Хедас бинчу хаамца, Кенжибулатовас дехар дина, ша Нохчийчохь йитахьара аьлла, "кхузахь Нохчийн Республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дерриг а оьшу хьелаш кхоьллина" хиларна. "Грозный-информ" агенталло, яздарехь... Читать дальше...

Шина тайпанан нехан дов даьлла стаг вийна ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

Бохам хилла ГIалгIайчуьрчу Экажево эвлахь селхана, Зазадоккху-беттан 13-хь, сарахь. Герзаш а детташ, дов къасто гIоьртина шина тайпанан нах. Цу тасадаларехь цхьа стаг вийна, хаам бо Кавказ.Реалиино, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан ГIалгIайчуьрчу урхаллана тIе а тевжаш. Оцу хаамца а догIуш, кхин цхьа стаг девнехь дакъалаьцначу наха дIавигина шайца. Уьш хилла "Лада Гранта" а, Hyundai Solaris а машенашкахь. Лазийна ву леттарш дIасакъасто веана хилла 2 полисхо. И шиъ дIакхачийна госпитале. Цу шиннах цхьаъ чов хилла ву когана. Читать дальше...

Трампа дIахьедар динчул тIаьхьа 5 % дазделла мехкадаьтта

Radiomarsho.com 

Мехкадаьттан мехаш пIераскан сарахь 5 процентана хьаладевлла Американ президенто Трампа Доналда КIайн ЦIийнехь зорбан конференцехь Цхьаьнатоьхначу Штатийн энергетикан министралла къоман стратегин тIахьлонна мехкадаьтта оьцур ду аьллачул тIахьа. И дIахьедар дина Трампа мехкадаьттан мехаш охьадовлуш а долуш. Цхьана кIиранах мехкадаьтта дайделла 24 сов процентана. Оццул дайделла дацара мехкадаьтта тIаххьара дуьненан кризис хиллачул тIаьхьа.

Америкехь къаьсттина чолхе хьал кхайкхийна президента Трампа

Radiomarsho.com 

Американ президента Трамп Доналда дIахьедина, коронавирусца къийсам дIабахьа махкахь кIоман тIегIанера къаьсттина чолхе хьал юкъадоккхуш хиларх лаьцна. Цо аьтто бийр бу Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан, бюрократин халонаш а йоцуш, федералан бюджетера COVID-19 вирусца къийсам латто 50 миллиард доллар хьажо. Трампа хаам бина шена коронавирус хьакхаелла хиларан билгалонаш ца хиларх лаьцна. Цул сов, Американ лидеро дIахьедина, Цхьаьнатоьхна Шататаша шен стратегин тIаьхьалонна лаххара мехах дуккха а мехкадаьтта оьцур хиларх лаьцна. Читать дальше...

Евробертан пачхьалкхашка кеманаш леларна доза тоьхна Оьрсийчоьно

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьно доза тоьхна Евробертан пачхьалкхашка кеманаш леларна. Иза хьакхалуш дац Цхьаьнакхеттачу Европин коьртачу гIаланех. Цунах лаьцна хаам бина РИА Новости агенталло, вирусан ун даржарца къийсам латточу каде штабанна тIе а тевжаш. Цхьана ханна юкъадьаьхна и дехкарш ницкъ болуш хир ду Зазадоккху-бетан 16-хь дуьйна. Цул сов, Оьрсийчоьнан Iедалша сацам бина кеманаш дIасалелар дехка Норвегерчу а, Швейцарерчу а гIаланашка – и пачхьалкхаш юкъахь яц Евробертана. Кхузахь кеманаш лелар юкъахдаьккхина Ослоца а, Бернца а. Читать дальше...



Москва

В Подмосковье сотрудники Росгвардии спасли пожилого мужчину, который оказался один дома и плохо себя почувствовал


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Сергей Собянин рассказал о реализации проектов КРТ в столице



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Игорь Бутман

В Академическом открылась Школа джазовой импровизации Игоря Бутмана




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

В Крылатском будет создан современный спортивный кластер — Собянин

Медийный баскетбол, киберспорт и турнир ММА: Константин Пухов рассказал о мероприятиях Международного центра бокса (Наташа)

Поражения Шубенкова и Савлукова, осечка Кнороз и двойной триумф Макаренко: чем запомнился «Мемориал Знаменских»


Ролан Гаррос

Андреева рассказала о своих планах на предстоящий матч с Соболенко во Франции



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

Агата Муцениеце пешком отправилась в Европу



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России