Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Март
2020
1 2 3 4 5 6
7
8
9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 04.03.2020

Францехь вийначу Алиевн дегIа тIехь 135 уьрсан чов хилла

Radiomarsho.com 

Кху шеран Дечкен-беттан тIаьххьарчу деношкахь Францехь вийначу нохчийн блогерна Алиев Iимранна 135 уьрсан чов йина хилла. Британин Таймс хьостано тахана Iорабаьккхина и хаам. "135 уьрсан чов хилла цуьнан дегIа тIехь", - аьллачу Лилль гIалин прокуратуран дешнаш далийна хьостано. Бельгехь тховкIело елла, вехаш хилла Алиев цигахь вийнера. ЦIарца ца вийцинчу, Оьрсийчоьнан вахархочух шеконаш ю прокуратурин. Маршо Радионо яздира, Францин къилбаседанерчу Лилль гIалахь вийна карорах  Нохчийчуьра вахархо Алиев Iимран... Читать дальше...

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (04.03.2020)

Radiomarsho.com 

Бер доьхкина Нохчийчохь, Тумсо вен гIорьтинарг гучуваьлла, ГIалгIайчуьра ши ваша вайна (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Путинца цхьанакхеттачул тIаьхьа Идлибера конфликт йоьрзур ю аьлла, тешна ву ЭрдогIан

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца хиндолчу дийцарша  Шемарчу Идлиб провинцехь боьду тIом сацор бу аьлла тешна ву Туркойчоьнан президент ЭрдогIан Реджеп. Шемарчу ситуацех дийца Путин Владимирца цхьанакхета Москва ваха кечвеллачу ЭрдогIана дина ишта дIахьедар. Чиллан-бутт бовш дуьйна марсаяьлла Шеман къилба-махбузера тIеман конфликт. Герзах йоьттинxe Шеман оппозицигахьа ю Хонкара, ткъа оьрсийн президент Асад Башарехьа ву. 2018-чу шарахь Туркойчоьнан а, Оьрсийчоьнан а бартхиллера, Идлибехь машар хилийта гаранташ хуьлуш. Читать дальше...



Муха Iалашвала веза коронавирусах: бакъдерг а, туьйранаш а (Видео)

Radiomarsho.com 

COVID-19 – хIун ун ду иза, цунах муха ларвала веза стаг, муха гучудолу иза, стенгахь лаха деза дарба? «Карарчу Хенан» журналиста Шаманская Аннас дуьйцу коронавирусан битамех а, цунна гонах лелачу туьйранех а лаьцна. Шинарийдийнахь Украинан могашаллин министран гIовса Ляшко Виктора хаамбина, Украинехь дуьххьара стаг хаавелла коронавирус кхетта, аьлла.

ГIезалойчоьнан муфти: "Конституцехула «пачхьалкх кхоьллина къам» лакхадаккхар харцо ю"

Radiomarsho.com 

Самигуллин Камила, ГIезалойчоьнан муфтис, ша реза вац, боху, президентан Путин Владимиран лаамца Конституцин текстехула «пачхьалкх кхоьллина къам» хьалаайдарна. Бан кечбинчу хийцамо хьехориг оьрсийн къам ду, шеко а йоцуш, аьлла Iеламчас. "Деккъа цхьа къам юьхьар а эцна, цунах «пачхьалкх кхоьллина къам» Конституцехула аларо дика ца гойту хиндерг», - дIахьедина Самигуллина ГIезалойчоьнан бусалбанийн урхаллин пресс-гIоьнчаллехула. «Оьрсашца цхьаьна таханлерчу Оьрсийчохь, шайн латтанашна тIехь, деха дуккха а къаьмнаш»... Читать дальше...

Пондар - хIиричун, мукъам - нохчийн

Radiomarsho.com 

ХIири Лекоев Алан дуккха а хан ю кехат-пондар локхуш волу. Дахначу шерашкахь цхьацца ансамблашца цхьаьна, Кавказан синбахамалла гойтуш, иза хилла массех Малхбалерчу махкахь. ХIинца веха Францерчу Ниццехь. ЧIогIа дукха беза шена, боху Алана, нохчийн мукъамаш. Цо уьш лекхар бахьанехь, къаьсттина дукха веза иза бухарчу нохчашна а. Маршо Радиона совгIат до ша, аьлла, массех мукъам баьккхира цо шен пондарера.

Вайна ши студент лоьхуш ву ГIалгIайчоьнан полицино

Radiomarsho.com 

Бехкзуламан гIуллакх а диллина, вайна ши ваша, 21 шо долу Дзейтов Хьамзат а, 17 шо долу Элез а лоьхуш ву ГIалгIайчохь. Талламаш бу дIахьош аьлла, хаамбина Талламан комитетан пресс-гIуллакххоша. Шина кIентан гергарнаш тешна бу, и шиъ дийна хир ву аьлла. ТIаьххьара  Чиллан-беттан 27-чохь Наьсарахь Экажевн гонехь гина ши ваша. "Кавказ.Реалии" портале ДзейтовгIеран йишас дийцина, дахначу кхааридийнахь дуьйна мобилан телефонашна жоп ца ло цу шиммо аьлла. Зудчо бахарехь, девне вац цуьнан ши ваша, догцIена ву, тарло и шиъ цхьаммо Iехийна хила а. Читать дальше...

Медицинан гIирс пачхьалкхера арабаккха дихкина Оьрсийчоьно

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Iедалхоша дихкина пачхьалкхера медицинан туьтмIаьжгаш а, халаташ а, бахилаш а, резинан каранаш а, кхинболу лоьрийн гIирс а пачхьалкхера арабаккха. Кхаарин Iуьйранна зорбане баьккхина бина сацам. Карарчу шеран Товбеца-батте кхаччалц могуьйтур дац медицинан гIирсаш чуьра арабаха. Документ тIехь билгалдаккхарца, коронавирус яьржинчу хьелашкахь билгалбаьккхинчу гIирсан къоьлла цахилийтархьама дихкина. ТIаьххьарчу хаамашца, дуьненчохь коронавирусан ун кхетта 92802 стагах. Велла 3201. Инфекци яьржинчех ю Китай... Читать дальше...



Ахчанах дарж эца воьллачунна хилларг

Radiomarsho.com 

Пейсахова Анна ГIалгIайчуьра Хамхоев Хьусайн а, Теркакиев Жамалай а ву Ставропол-махкахь талор дарна жоьпе ийзош. Церан гергарчара чIагIдарехь, тешнабехк бина шина накъостана.  Цара зен дина Ставрополехь ехачу шайн махкахочунна Яминова Людмилина, чIагIдо талламо. Людмилас дийцарехь, стохка аьхка дуьйна цуьнга цхьа миллион ши бIе эзар сом охьадилла бохуш хьийза 32 шо долу Хамхоев. И ахча ца лахь, ша цуьнан майра а, кегий бераш а хIаллакдийр ду боху цо, зудчо тоьшалла дарехь. "Хамхоевс соьга массийтазза телефон туьйхира. Читать дальше...

Емельяненко: "Iовдал, юьззина Iовдал ю Канделаки Тина"

Radiomarsho.com 

Гоьваьллачу оьрсийн латархочо Емельяненко Александра шогачу кепехь жоп делла, "МатчТВ" каналан продюсеро Канделаки Тинас  шех лаьцна зорбане яьккхинчу артиклна. "Канделаки Тина оццул Iовдал ю аьлла цкъа а дагадеана дацара суна", - дIахьедина спортхочо, дIа а язйина, инстаграм-сторисехь зорбане яьккхинчу видео тIехь. – Сан боккха ларам бара цуьнга хIинццалц. Iовдал. Юьззина Iовдал ю". "Стенна оьшу Кадыров Рамзанна Емельяненко Александр?" аьллачу публикацехь Канделакис яздора, спортхо "Оьрсийчоьнан ММА-н хала бер ду"... Читать дальше...

Блогерна Абдурахмановна вевзина шена тIелеттарг

Radiomarsho.com 

Фейсбуке дехкинчу суьрташца нохчийн блогерна Абдурахманов Тумсона вевзина, Швецехь шена тIелатар динарг аьлла, дийцина Тумсон жимахволчу вашас Абдурахманов Мохьаммада. Зуламхочун Мамаев Русланан аккаунтехь хIиттийна хилла, Абдурахмановс дийцарехь, 29 шо долчу Оьрсийчуьрчу вахархочун суьрташ. Швецерчу Евле гIалин прокуратурано кхеле дехар дина Мамаев Руслан лаьцна вита аьлла. Карладоккху, байначу беттан 26-чохь тIелатар дира нохчийн оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона.

Бер доьхкина а, эцна а ши зуда кхеле хIоттор ю

Radiomarsho.com 

Меттигерчу а, луларчу ГIалгIайчуьрчу а шина зудчунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх даьккхина Нохчийчохь. И шиъ бехкейо дуьненчу даьлла бер дохка-эца гIортарна. Талламчийн версица, Нохчийчуьрчу зудчунна бер духкуш хилла ГIалгIайчуьра яхархо. Стохка Дечкен-баттахь Махачкалара Нохчийчу еана хилла жима зуда, дукха хан йоццуш ша дуьненчу ваьккхинчу кIантаца. 650 эзар соьмах бер а, иза дуьненчу даларан тоьшалла а доьхкина хилла зудчо. Оперативан барамаш дIабаьхьначул тIаьхьа полисхой тIекхиъна, билггал кIант воьхкина хиларна. Читать дальше...

Iамеркехь торнадо иккхина 22 стаг велла. Лазийнарш а бу

Radiomarsho.com 

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкарчу Тенессехь торнадо бахьанехь 22 стаг велла, 160 вахархо дарбан хIусамашка кхачийна, дохийна 48 цIа. Штатан шахьарахь а, Нэшвил гIалахь а гIеххьачул зенаш дина хIусамашна, бIеннашкахь нах тховкIело йоцуш бисина. Охьахирцина пенаш, доьхна куьзганаш, хедийна тоькан серий, охьадиттина дитташ, гIалин танспорт а сецнера бохуш, яздо меттигерчу сайто. Школаш а, кхелаш а, транзитан некъаш а, аэропорт а, штатан Капитолий а дIакъевлина ю. Орцанхой а, полисхой а, гIишлошъярхой а гулбелла, белхаш бу цигахь дIахьош.



Москва

Яндекс, А.С. Пушкин, Святой Ленин ведут следствие. Настоящая сенсация! 225 лет А.С. Пушкину.


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин заявил о росте инвестиций в Москву из-за импортозамещения



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Metallica

Лидер Metallica Джеймс Хэтфилд рассказал, что ему снились кошмары перед туром




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Поражения Шубенкова и Савлукова, осечка Кнороз и двойной триумф Макаренко: чем запомнился «Мемориал Знаменских»

Сергей и Ангелина Минаевы из Брянска завоевали серебро Кубка «НИКА 2024»

Академия Плющенко требует почти два миллиона со сбежавшей от них юной спортсменки


ATP

Теннисист Медведев снялся с турнира ATP в Нидерландах из-за травмы



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

В Москве прошла Премия-практикум «Харизма Года»



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России