Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Март
2020
1 2 3 4 5 6
7
8
9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 23.03.2020

Туркойчуьра веанчу кхаа нохчочунна коронавирусан ун даьлла

Radiomarsho.com 

Туркойчуьра цIа веанчу Нохчийчоьнан кхаа вахархочуьнца коронавирусан ун хааделла аьлла, хаамбина республикан могушаллин министро Сулейманов Эльхана. Нохчийчохь йинчу тесташа билггал вирус елахь а, яцахь а тIечIагIдийр дац, цундела оха Новосибирске кхин а тIе кхачам боллуш талла яхьийтина уьш аьлла цо. "ХIинца жоьпе хьоьжуш ду тхо, цул тIаьхьа 100 процентца тешам боллуш ала даьхьар ду тхо республикехь коронавирус хиларх", - аьла, дийцина Сулеймановс. Цхьа дей-буьйсий даьлча кийча хир ду тестийн жамIаш. Читать дальше...

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (23.03.2020)

Radiomarsho.com 

Делимхановс "шайтIа" лоьху, ГIалгIайчуьра кIант лаьцна, Оьрсийчохь ун даьржаш ду (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

65 шарал тIехбевллачу бахархошка чохь саца аьлла Москван мэро (+видео)

Radiomarsho.com 

Карарчу беттан 26-чу дийнера карабогIучу беттан 14-чу терахье кхаччалц 65 шарал тIехбевллачарна а, дIа ца йолучу цамгаршца болу нах а чохь совца беза аьлла, дIахьедина Москван мэро Собянин Сергейс. Цу кепара омра мэрин сайтехь зорбане даьккхина ду. Цу категори юкъа богIу белхахошка цIера болх байта беза куьйгалхоша, я мукъабита беза, алапа а луш, боху мэро. Хьакалуш дац и омра лоьрех а, болх сацон йиш йоцчу хьукматех а, индустрех а. Ишта документ тIехь билгалдаккхарца, цIерачу режиме баьхначу... Читать дальше...



ГIалгIайчохь коронавирус кхетта стагга а вац аьлла могушаллин министралло

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьрчу могушаллин министралло бакъ ца дина, республикерчу клиникан дарбан хIусамехь коронавирусан ун даьлларг ву бохуш, WhatsApp мессенджерехула баржийна хаам. Дийцарехь, вуьйцург ву карарчу баттан 14-чохь "шина а агIор полисегментаран пневмоница" охьавиллина пациент. Коронавирус толлуш йинчу тесто вирус ца гайтина. Чолхечу хьолехь ву цомгушверг аьлла, дийцина "Кавказ.Реалии" портале дарбан цIийнехь.

Медицинан масканаш ечу фабрикашна конфискаци йийр ю Туркойчоьнан Iедалхоша

Radiomarsho.com 

Медицинан туьтмIаьжгаш ечу Туркойчуьрчу фабрикашна шаьш конфискаци йийр ю аьлла Iедалхоша, нагахь санна, тахана суьйранна 8 сахьт далале уьш масканаш йохка ца буьйлалахь. Bloomberg агенталло хаамбарца, дахначу кIирандийнахь масех фабрикех хьоьвсинчу туркойн полицина гучудаьллера, йохка ара а ца йохуш, масканаш латтош хилар. Туркойн чоьхьарчу гIуллакхийн министро Сойлу Сулеймана бахарехь, операци йирзинчул тIаьхьа масканаш ечарна тIедиллинера пачхьалкхан могушалла Iалашъяран министраллаца контракташ дар. Читать дальше...

Ниццера нохчийн туьканаш

Radiomarsho.com 

20 шо кхаьчна Ниццехь дуьххьара нохчийн туька схьайиллина. ХIинца иуьш массийтта ю. «Нохчийн туьканаш» царех алар дац бух боцуш – бедар, йийбар, ур-атталла къоман кхача а тIехь хуьлу цигахь Нохчийчуьра беана. Даймахке болчу безамо дуккха а нохчий кхачабо цига эцарш ян. Маршо Радион корреспондент вахара цигара хьал вайна довзийта.

Украинерчу Радан шина депутатна коронавирусан ун даьлла

Radiomarsho.com 

Украинан Лакхарчу Радан депутатца Лукашев Александрца коронавирсан инфекци гучуяларх хаамбина "Украинская правда" газетано.  Хьалхо ун даьллера депутатна Шахов Сергейна а. Пневмоница дарбан цIийнехь охьавиллина иза. Шаховс чIагIдо, Украинан президенто а цхьана дакъа а лоцуш, дукха хан йоццуш хиллачу Лакхарчу Радан кхеташонехь ша хилла вацара аьлла. Радан кхин а масех депутатан могушалла толлуш бу лоьраш, ун кхеттий хьожуш. Пачхьалкхехь 16 стагах бен вирус хьакхаелла яцахь а, Украинан Iедалхоша инфекцина духьал шога бехкамаш бина. Читать дальше...

Курхаллаш лелийна ву аьалла, "Чермен" постехь лаьцна ГIалгIайчуьра вахархо

Radiomarsho.com 

Къилба ХIирийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъарчу "Чермен" постехь 29 шо долу ГIалгIайчуьра вахархо лаьцна, курхаллаш лелийна ву аьлла, шеконаш кхоллаелла. Федералан лехамашкахь хилла иза. Къилбаседа Кавказан федералан гонашкарчу оперативан тобан контролехь латтош ю "Чермен" пост аьлла, билгалдоккхуш, "Кавказ.Реалии" портале бина и хаам республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Бутт хан хилла каравеанарг Iедалхойх лечкъаш лела. Чиллан-баттахь Москварчу кхело бехкзуламан гIуллакх диллина хилла цунна дуьхьал. Читать дальше...

Яхначу буса Оьрсийчохь коронавирусан ун даьлла 71 вахархочунна

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу цхьана дийнахь а, буса а Оьрсийчохь коронавирусан ун даьлла аьлла, билгалваьккхина 71 вахархо. Уьш берш Москвара бу. Роспотребнадзоро яздарца,тIаьххьарчу шина кIиранчохь коронавирусан эпидеми яьржинчу пачхьалкхара цIа баьхкина бу уьш. Верриг а ОьрсийчохьCOVID-19 хьакахелла ву 438 стаг. Москвахь гIоле хилла цхьанна. Лазар даьржичхьана 17 вахархо ву дарбан хIусамера араваьккхина. Царех 14 Оьрсийчуьра ву, 2 Китайн вахархо, 1 Италера.

Нохчийчуьрчу базарашкахь а, туьканашкахь а мехаш дестар толлуш ду

Radiomarsho.com 

Федералан антимонополан а, Роспотребнадзоран а говзанчашца цхьана Нохчийчоьнан прокуратурано талламаш дIахьош бу, махкахь сурсатийн мехаш тIетоьхний хьовсуш. Республикан урхалхочо Кадыров Рамзана тIедилларца болийна Нохчийчуьрчу базарашкахь а, туьканашкахь а талламан барамаш. Прокуратуран пресс-гIуллакххоша дIахьедарца, "Беркат" базаран дозан тIехь динчу зерашца, мехаш хьаладьахна меттиг хаабелла бац. "Цу кепара рейдаш дIахьош ю кIошташкахь а. Нагахь санна, базарахь, туьканахь эшамбина аьлла хетачу бахархойн таро ю прокуратуре хаам дIакхачо... Читать дальше...

Думан депутато Делимханов Адама гIо доьху инстаграмехь "шайтIа" лохуш

Radiomarsho.com 

Социалан машанехь нохчийн куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, шен а, шайн накъостийн а цIарах аккаунташ схьа а йиллина, зудаберашка совнах мел дерг язден стаг лохуш гIо дехна Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама. Нохчийн маттахь кхайкхамбеш Делимхановс дIаязйина видео za__delimkhanov95 аккаунтан агIоне хIоттийна ши де хьалха.   "Инстаграмехь цхьа шайтIа ду, вайн паччахьан Кадыров Рамзанан а, сан а, администрацин урхалхочун ИбрахIиман (Закриев) а, вежарийн а цIарах мехкаршка а, зударшка а директе осала мел дерг яздеш. Читать дальше...

Нохчийн яздархо, журналист Хасаров ШаIрани кхелхина

Radiomarsho.com 

Нохчийн яздархо, хьехархо, журналист Хасаров ШаIрани кхелхина карарчу беттан 22-чу дийнахь. 1953-чу шарахь дуьненчу ваьлла ШаIрани Веданан кIоштарчу Дишни-Веданахь вехаш вара. Юккъера школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа Ламанан юьртабахаман институт чекхъяьккхира Хасаровс. Дишни-Веданарчу лоьмар 2 йолчу школехь хьехархочун болх бина цо. Ишта къахьегна кIоштахь арахоьцучу "Керла дахар" газетехь а. Жимчохь дуьйна волавеллера ШаIрани стихаш язъян. Дукха байташ ю цуьнан берашна аьлла, язйина а. 1991-чу шарахь дуьххьара а... Читать дальше...



Москва

Улыбка сделала слушателя «Юмор FM» миллионером


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин: Детский фестиваль искусств «Небо» станет праздником для всей семьи



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Юрий Лоза

Певец Юрий Лоза: «Я свой “Плот” писал год, отбирал по словечку»




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Для пользы тела. «Мой спортивный район» начинает летние тренировки

День защиты детей празднуют в мире 1 июня

Дептранс Москвы раскрыл детали инцидента на станции метро "Спортивная"


Ролан Гаррос

Парижские сюжеты: Медведев играл в кошки-мышки, Котов творил историю, Калинская заставляла нервничать Синнера



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

Июнь в Москве начнется с аномально жаркой погоды



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России